IPB

Здравствуйте, гость ( Вход | Регистрация )

2 страниц V  < 1 2  
Ответить в данную темуНачать новую тему
Байташ, стихи на чеченском языке
EVA
сообщение 15.4.2011, 16:30
Сообщение #11


Сийлахь хьаша
*

Сообщений: 98
Из: вращенка
Репа: 2 pts -----X----



Хьом хилла 1аламо
хьаьстина эсала,
Ткъа х1инцам хьоьх
хьоьгуш хир ду и ша.
Исбаьхьа хьан амат,
х1ора дош эшар,
Дуьне шех хьегор ду
хьан б 1аьргаша.
Ма хаза кхоьллина хилла
хьо езар ,
Ма товш ду хьоьгахь и,
хьан башха куц.
Доьху ма кхардалахь со
хьайга хьежарх ,
Ца 1аббал бахьна дай
сунам схьагуш.
Хьан б1аьргийн къорачу
тийналлехь яйна,
Цхьа к1еззиг хан яккха
елара йиш.
Да виса вайн уьйраш
вовшашца тайна ,
Дуьне ша делара
кхуллуш вайн ирс!


--------------------
Подпись удалена до момента, когда мысли будут этичны, цензурны и полит-корректны...
Перейти в начало страницы
 
+Цитировать сообщение
EVA
сообщение 15.4.2011, 16:31
Сообщение #12


Сийлахь хьаша
*

Сообщений: 98
Из: вращенка
Репа: 2 pts -----X----



Беха некъ нисбелла
тахана
Вайшина юккъехь ,
Амма хьо йицйина
сада 1а,
Ца юьжу ойла.
Дависа, велира, хазаниг,
Со хьуна юххехь,
Йог1ур ю и хан а,
малолахь
Кхечунах 1еха.
Диц ца ло хьан яр а
шовдане
Ломарчу юьртахь ,
Ловзадар гуьлмаьнда
мехкарий
Гора хьан суьртахь , дог
ловза дуьйлура ца
човхош
Цхьана а воно .
Буьйсанна вуьйлура
седарчийн
Стиглахь со т 1ома.
Ирсе а лорура дуьнен
чохь
Йоккхучу ханна .
Лаьтта т1ехь хилла дац,
хир а дац
Х 1умма хьол хьоме,
Ахь алахь, дог а сайн
даьккхина
Лур ду хьо цхьанна.
Тахана-м беха некъ
нисбелла
Вайшинна юккъехь,
Амма хьо йицйина цхьа
минот
Зама ца йолу .
Дависа, велира,
хьомениг,
Со хьуна юххехь,
Массо а долу дош
кийрара
Хьан ц 1арца долу.



--------------------
Подпись удалена до момента, когда мысли будут этичны, цензурны и полит-корректны...
Перейти в начало страницы
 
+Цитировать сообщение
EVA
сообщение 15.4.2011, 16:32
Сообщение #13


Сийлахь хьаша
*

Сообщений: 98
Из: вращенка
Репа: 2 pts -----X----



Хаалахь, ловр ду ас:
Цамгаро вожаварх
лаьтта ,
Йогучу ц1ергах суо
ваттарх,
Лекхачу бердах чу
таттарх .
Хаалахь, ловр ду ас:
Висарх а цхьа воцуш
байлахь ,
Шелоно г1ораварх
лайлахь,
Къен хиларх бахам а
байна .
Хаалахь, ловр ду ас:
Бехк боцуш харцо
т 1екхолларх,
Муш тесна танг1алкхах
олларх,
Бодане ор чу суо
волларх .
Амма цхьаъ ловр дац ас:
Езачу хьоьха
д 1акъастар,
Суо воцчу к1анта хьо
хьастар,
Кхечаьрга мотт кхабар,
бастар.



--------------------
Подпись удалена до момента, когда мысли будут этичны, цензурны и полит-корректны...
Перейти в начало страницы
 
+Цитировать сообщение
EVA
сообщение 15.4.2011, 16:32
Сообщение #14


Сийлахь хьаша
*

Сообщений: 98
Из: вращенка
Репа: 2 pts -----X----



Стигланаш т1ейоьлхуш
санна,
Ткъес детташ чехка мох
хьекхарх ,
Кхералой, к1еззигчу
ханна,
Хьомениг, со виц ма
велахь.
Б1аьстенан довхачу
дийнахь,
Олхазар шайн корехь
декахь ,
Ладоьг1на, ойлане
тийна,
Хьомениг, со виц ма
велахь.
Суьйренца шовдане
яьлча ,
Жимма т1е ца кхочуш
хьелахь,
Вог1ур вац тахана,
аьлла,
Хьомениг со виц ма
велахь .
Кхачор бац сан безам
бийцарх ,
Кхочур ву, дог тешна
1елахь.
Дезарх мел халонаш
1 ийша,
Хьомениг, со виц ма
велахь.


--------------------
Подпись удалена до момента, когда мысли будут этичны, цензурны и полит-корректны...
Перейти в начало страницы
 
+Цитировать сообщение
кажется
сообщение 3.1.2017, 14:12
Сообщение #15


Сийлахь хьаша
*

Сообщений: 79
Репа: 2 pts -----X----



Цитата(мгновение @ 4.11.2008, 21:35) *

хаалахь, ловр ду ас
цамгаро вожаварх лаьтта.
йогучу ц1ергахь суо ваттарх,
лекхачу бердах чу таттарх..

амма цхьа1 ловр дац ас -
езачу хьоха д1акъастар,
суо воцчу к1анта хьо хьастар,
кхечарга мотт кхабар, бастар.

Сильные слова. Кхи ала хIума дац сам.
Перейти в начало страницы
 
+Цитировать сообщение

2 страниц V  < 1 2
Ответить в данную темуНачать новую тему
2 чел. читают эту тему (гостей: 2, скрытых пользователей: 0)
Пользователей: 0

 



Текстовая версия Сейчас: 21.1.2019, 4:12